Назма

Резванова Айза


Резванова Айза
Мерза дагалецамаш

Г1иллакх долчахь, марзо а юьсу....
Цхьана дийнахь  берашца ловзуш лелла, чу веара тхан пхи шо кхаьчна волу, жима ваша...
Со яра демах юург еш, пеша уллехь лаьтташ....
Дечиган поднар т1ехь суьлха доккхуш 1аш тхан нана а яра...
Тхан ваша вахана тхан нанна уллехь, охьа лахвелира, шен буйнарчу машенех ловза...
Жимма 1ийна, тхо цец дохуш вист хилара иза.
Цо элара:
- Вайн Мама, цхьана неха хилла - кх, аьлла.
Цо иза тхайн нанна аларах цец йаьлла, ас эли:
- Х1унда хилла и неха, вай яц иза??
Юху а цо элира:
- Вай - м ю, делахь а, муьлш бу а ца хууш, неха хилла - кх иза!
Со юху а цо ала кечдиначух ца кхеташ, ч1ог1а цец ели, т1аккха а йист хилира со:
- Муха ца хаа иза хьена ю? Вай ю - кх, и Мама, аьлла.
Т1аккха шен хьекъалца, шен дагахь долчух со кхетош, цо шена уллехь ловзуш хиллачу  берийн ц1ераш йохуш элира:
- Хьажал, Лалачкара Гихтара мамага боьлху... Мадинара, Маманиг1ага боьлху...
Вай Мамани йан а йац, - аьлла, ши куьг д1аса тесира к1анта...

К1антана ненан нана йолчу ваха лууш хилар кхийтира тхо...
Тхан нанас элира:
- Дера к1ант, хьан мамани сийначу Сибрехахь ма йисана...
Цул т1аьхьа тхан нанас шен йижарий, аежарий а болчу вуьгура к1ант... Уьш цунна бевзаш бара... Цунах цунна тоам ца хуьлулура... Цунна лаьара берашна хьалхахь, дозалла дан, ша а ваханера шайн Маманиг1ага, аьлла...
Т1аккха тхан нанас элира:
- И мамани суна а езара, сайна хиллехьара, аьлла...

Амма суна сайн жималла дага еара...
Сайна, ненан ден ц1а хилла лаьттинчу ц1ийнан ойла йира ас...
Тхайн бераллехь марзо лаьттина меттигах дийцира ас...

Тхан девешин зудчуьнна ден ц1ахь, да а, нана а дара...
Церан кертарчу бешахула Марта хит1е боьдуш некъ бара...
Тхан девешин ши йо1 а, со а, сан сол жимахйолу йиша а цхьана хенара йара...
И шиъ шайн ненахой болча йоьдуш, тхойша улле а тосий йоьдура...
Церан ненан да Халид а, ненан нана Байса а хуьлура тхо д1а кхаьчча, тхо дахкаре сатесча санна 1аш....

Тхойша царна мара а эккхий, тхайн шина шичас дийриг деш йолалора... Церан уьйт1арчу, 1ожан дитта к1елла х1оттийна лоха, горга стол йара. Цу гонаха лаьттачу лохийчу г1енташ т1е охьа ховшура тхо... Байсас кертара баьккхина сийна хох а, шурура к1ай, бовха хьокхам а, керла бина т1о - берам а х1оттабора тхуна хьалха.
 Х1етахь дуткъачу аьнгалийн стаканаш чохь чай малар дара тхуна кхин а ч1ог1а дезаш дерг. И хазхетар а дора цо тхуна... Цу чайна чу тосуш деа к1ов б1аьлгийн шекар дара...
Тхайна х1ума а юий, тхо керта доьлхура...

 Байсас олура, тхолахь йоккхаха йолчу шен йоь1ан йо1е.
- Хи т1е ма дигалахь и бераш! Кертахь стоьмаш дууш, ловза шайна, кех ма довлалаш, - хих кхоьруш, тхо лардалийта дагахь. Тхо доьлху- уш, кертарчу бешахула а довлий, цигарчу з1арийн кертах дехьа а довлий, самукъа долий, уьдуш хи т1е доьлхура. Д1а кхаьчча цигахь луьйчуш хуьлура тхуна девзаш долу бераш...
К1орда а ца деш сарралц 1ара тхо хи чохь луьйчуш, ловзуш, берашца...

Юха, тхайна к1ордийча, т1о - берам, хьокхам баа чу а ца хьевзаш, тхайна дов ца дайта, кертара стоьмаш а лахьабой, уьш а бууш ц1а дохура...
Ц1а даха а дезара дикка гена...
Делахь а, вовшашца луьйш - олуш, самукъа а долуш, тхо ц1а кхочура...
Т1аьхь - т1аьхьа кхин а дика кхета цу г1иллакхах, церан х1усамехь хиллачу...
Тхан самукъа даларал совнаха, тхуна ненан да - нана ца хилар дага ца доийтура цу шимма. Ткъа тхан девешин зудчо, Яхас а ца олура, шен берашка, тхо ма дига цигашхула д1а, бохург...

Х1инца уьш д1а бевлла а дуккха а хан ю...
Тхан наной а бевлла д1а...
Аллах1а декъал бойла уьш а, массо бусулба а! Амма и цара лелийна г1иллакх а, церан х1усамехь оха эцна марзо а ца йаьлла д1а...
Ас даима а, хастамца дага лоцу уьш, ламаз т1аьхь мел луш а, сахийна айса х1ума луш а, тхайн ненан ден ц1а санна...
Тхайн доьзалашка а дуьйцу цу хазачу г1иллакхех а, цу мерзачу дагалецамех а....
Иштта хазачу г1иллакхо, мерза гергарло латтадо вайна юккъехь...
Аллах1а и г1иллакхаш а, марзо а эша ма йойла вайнахана юккъехь!

1968 - 2018



1аьржа яг1у….

Шерашкахь  ц1ерга  х1иттина, даьгна, 1аржделла, доккха ялг1у хьалха диллира, несо, мардена.
– Дада, ахь цу ялг1у чохь юуш, чомахь  хета юург олу дела, дилли-кх ас и хьуна хьалха, – элира т1аккха. Цул таьхьа, шен мардена х1ун тов хьоьжуш, сецира.
– Дела реза хуьлда хьуна!  Цу ялг1у чуьра кхечу пхьег1ий чу йиллича, чаммаза йолуш хета суна и  юург, – элира воккхачу стага. ТIаккха шега ладоьг1уш лаьттачу несе д1а а хьаьжина, – парг1ата хила хьо, х1инца,  –  аьлла, вистхилара. Ша, паднар т1ехь, хьала а хилла, чуччу когаш а боьхкина, д1а а нисвелла, х1ума яа хиира. Цул т1аьхьа, паднара йистехь хиина 1аш волчу,  ялх шо кхаьчначу, к1ентан к1анте, д1а а хьаьжина, элира цо:
– Ислам, схьавола, дадийца х1ума  яа хьайна.
– Ца еза суна Дада. Вуьзина ву со, – элира, жимачу к1анта.
 Воккхастаг, Бисмалла а аьлла, цхьа безамехьа ялг1у чу а хьаьжина, х1ума яа волавелира. Цхьана куьйга схьалаьцначу хьокхаман юьхках, вукху куьйга жима-жимма схьа а боккхий, ялг1у чу а 1уттий, д1акхоллура цо.
Доьххьара ша юург кхаьллича, леррина цу ялг1у чу а хьаьжина, байй корта ластийра цо.  Т1аккха к1еззига балда а озош, вела  къежира. Юха а кхаьллира, хьалха санна. Т1аккха, сих ца луш, б1аьргаш  ялг1у чу хьежа а дуьтуш, меллаша мочхалш меттах а хьедеш, ойланашка ваьлла, 1ара. Т1аккха а, б1аргаш цу ялг1у чу доьгIна дуьтуш, юург д1а а кхаьллина, ша 1аччохь техкира, ойланашка вахана-а. Шен тидам беш 1ан к1ант а ца гора цунна, ц1еххьана, ялг1у чу хьоьжуш долу, цуьнан б1аьргаш, цхьана х1уманах тасаделча санна, цхьанаметтехь севцира, к1еззигчу ханна.  Т1аккха, г1ийла вела а къежна, шен буйнара  хьокхаман юьхк  охьата11ош, маь1-маь11ехула цу ялг1у чу а хьаькхина, и ерриге  а марзо ша схьагулйича санна, д1акхаьллира цо.
Ислам,  цуьнан тидам беш а 1ийна, цо юург марзъелла, хIума яа тIехилира. Жимма 1ийна, дедега д1ахьаьжча,  цуьнан  б1аьргаш чохь,  къегина хиш гира цунна.
Ислам ца кхийтира цуьнан велакъежарах а, ойлане вийларх а, б1аьргаш чохь къегинчу хих а.
Цул т1аьхьа дуккха а хан-зама  д1аелира. Воккхалла, Исламе кхечира.
Доьзална вукъвеллера Ислам.
Гон генаш а тийсина, шорделла, ирахдаг1ана,  лаьттара цуьнан хенара дитт а.
Уьйт1а веара лулахо. Цо элира:
- Де дика дойла,-аьлла.
-Далла воьзийла, марша вог1ийла хьо. Схьавоьл охьахаал хьо-м,-аьлла, вист хилира Ислам:
-Охьа хиина 1ийр вац со, х1инца цкъа.  Ислам, тезеташка х1оттий вола вайша,- элира цо:
-Ца вахча вер вац, тезета а,-элира Ислама. Цул т1аьхьа чу а вахана, шена т1ера бедарш хийцина аравелира иза. Т1аккха шаьшиъ кех волучу заманчохь элира цо:
- Жималло ша лелавора, воккхалла лелодезаш хилла-кх,-аьлла.
Цхьанхьа а, шинхьа а тезета вахана, зиярт а дина, вухавирзира и шиъ. Д1аихначу шераша а, некъаша а, г1елвина ши лулахо, шен-шен х1усаме верза сихвелира. Ислам чу кхаьчча цуьнан доьзалаш а, доьзалийн доьзалаш а х1ума яа стоьла гонаха гулбеллера.
Т1аьхьарчу заманахь аттачу даьллера дахар. Х1ума юуш йолу чоь, нускал санна д1акечйина лаьттара. Юккъе х1оттийна куьзга санна къегина, еха стол яра. Керла, цакаглучу аьнгалийн, пхьегIаш яра, стол т1е  х1иттийна. Мичча хенахь а бес-бесарчу юургех юьзина лаьтташ яра стол. Хьалха санна ц1ерга яй, ялг1у а х1оттош, кечбеш бацара кхача.
Кедахь, я бошхепахь, шен-шена товчу чомехь, цхьанна я шинна яъал, тоькаца йолчу духовки чохь йохъеш, буйна 1айг, м1арий а лоций, юучух хьакхабелча п1елг бехбаларна кхоьруш санна, шен-шена хьалха лаьттачу бошхепа а юьллуш, юуура, х1орамма. Цу кхачанех чам кхеташ вацара Ислам. Цунна кест-кеста дагадог1ура, х1етахьлера  доккха ялг1у. Т1аккха, меллаша волавелла, цхьаннига  х1ума ца олуш, лелош йоцу сал-пал д1айиллиначу  уоти чу вахана, пхьег1аш кего вуьйлира иза. Шерашкахь т1е-к1ел йохкуш гулъеллачу пхьег1ашна буххахь карийра цунна, ша лоьхург. «Керла юкъаевлла пхьегIаш дукхаелахь а, хьоьга кхочуш пхьегIа  яцар-кх, соьга хаьттича», – бохуш, цунах воккхвеш, ялг1у дохьуш чувеъначу воккхастага, элира:
– Зуда, х1окху ялг1у чохь жижигца картолаш кхарзахьа, ас ламаз дешшехь. Ма мерза хуьлур-кх, цу чохь кечбина кхача. Мацах, лулахой хьошалг1а а кхойкхура, цу кхачанан хьожано,-аьлла, дехьа велира иза. Цуьнан х1усамананас, мало ца еш, сихха ялг1у ченех ц1андеш, хица дила а дилина, ц1ийдеш жижигца картолаш кхерзира, т1ехула хох а тосуш. Ислама ма-бохху, цхьа хазчу чомехь, схьаелира юург. Шен дедас аьлларг дагдеъча санна:
– И ялг1у схьадалахь, суна хьалха. Кхечу пхьег1ий чохь чам кхетар бац суна, – олуш, стоьла йисте вахара иза. Доьзалаш хьала г1евттира, жима а, воккха а. Ислам даима ша охьхуучу, стоьлан коьртехь охьа хиира, доьзалшка,- охьаховша олуш. Т1аккха, и даьгна, 1аржделла, доккха  ялг1у, цу къегинчу стоьла т1е, Исламна хьалха диллара х1усамнанас. Доьзалаш цхьабоьсса схьахьевсира цуьнга. Б1аьргашца, цхьа мерза, цу ялг1у чу хьаьжира Ислам. Т1аккха, шен даг чохь воккхавер долуш, Бисмалла а аьлла, х1ума яа волавелира, цу юуучуьнан чам боцург, дерриге  диц а дина.

Ша дуьххьара д1акхаьллича, и чам тайна, г1ийла корта а лестош, д1асатехкара иза. Цунна дагавеара шен деда. Х1инца суна санна, чам тайна хилла-кх цунна х1етахь, аьлла, велакъежира иза. Юха а д1акхаьллира. Т1аккха, цу ялг1у чу а хьоьжуш, шен багахь ерг 1уьйшуш, генара жималла дагатесира цунна. Дагавеара шен деда юха а. Иштта дагалецамаш хилла-кх иза х1етахь ойлане вохуш хилларш. Цундела хилла-кх цуьнан велакъежар...  ойлане велира иза, х1етахьлера суьрташ дага а лоьцуш. Т1аккха, б1аргаш севцира цу ялг1у чохь, ц1ийелла бухлеттачу картол т1ехь. Лерина цу картоле хьоьжуш, 1ара иза, вела а къежаш. Цунна гора, шен жимачу вешин а, йишин а, кегий куьйгаш, цу ялг1у чохь бухалетта, ц1ийелла картолаш схьаяха тийсалуш. Т1аккха, охьта11ош, цу ялг1у чу а хьаькхана, цхьа мерза-марзонца,  д1акхаьллира  цо  шен буйнара бепиган юьхк. Ц1еххьана, юьхь-сибат хийцаделира Исламан, т1аккха. Нана дагаеара цунна, цу ялг1у чохь юург кечъеш, хилла.
Б1аьргаш чу хи х1оьттира, легашка хораман шед а беана. Юха, шен деден б1аьргаш дагадаьхкира, хих дуьзна хилла. Т1аккха, ялг1у чу а хьоьжуш, ойланашка вахара иза. Х1ара марзонаш хилла-кх, цо х1етахь, вела а къежаш, б1аьргашца цу ялг1у чуьра , лехьош хилларш. Х1ара дагалецамаш хилла-кх иза ойлане вохуш, цунна хьалха х1иттинарш. Къастаран къаьхьо хилла-кх, х1етахь цуьнан б1аьргаш чохь, къегина хиш гулдинарг, бохучу ойланашца сацавелира иза, ялг1у чу а хьоьжуш. Юха, жимма балда а озош, доккха са а даьккхина, г1ийла мочхалаш метах хьедан волавелира. Мацах цкъа шен дедега хьоьжуш 1ийна Ислам санна, кхуьнан тидам беш 1ийна, к1ентан к1ант, шен г1ента т1ера хьала а г1аьттина, Исламна т1е а вахана, цу ялг1у чу а хьаьжира.
Т1аккха хаьттира цо:
– Дада, хьо цу ялг1у чу а хьожуш, цкъа велакъежаш, т1аккха велха г1ерташ ма  хуьлу?   Х1ун ду цу чохь хьуна гуш дерг?   
– Кху ялг1у чохь дуккха  а х1уманаш ду, дадина гуш. Хьуна гур дац цу чохь дерг, цкъачунна.Тохара со, хьо санна жима волчу хенахь, тхан дедена гора цу чохь дерг, суна ца гора. Кхано-о, хьо сан хене вахача, х1окху ялг1у чохь х1ума яа хьо хиича, хьуна а гур ду,  – элира Ислама, шен т1унделла б1аьргаш дела а къежош. Жимачу к1анта, цец а ваьлла, элира :
– Ва, х1ай! Оццул дукха 1ен веза теша со, цу чохь дерг х1ун ду ца гуш?
Воккхачу стага ойла а йина, элира:
- Т1аккха а, хьуна кху ялг1у чохь и сан дог хьоьстуш, я б1аьрг белхош долу сарташ гур дуй  хаац, кху цхьана ялг1у чохь, доьзало вовшеха оьцуш йолчу мазонан чам бевзина ца хилча.
Т1аккха дийхира к1анта:
- Нана, тхан дехар ду хьоьга, кечбехьа тхуна цу ялг1у чохь, марзонан кхача. Ма мерза бу-кх, цу дадин б1аьргаш чохь гуш болу дагалецамаш,-аьлла.




Резванова Айза
Марзонан кад

Горга, лохачу стоьлана го бина 1аш дара тхан ши йиша а, виъ ваша а. Шурийт1ехь кхехкийна гарзанаш чохь, кад юккъе а х1оттийна, х1оранна а шен-шенна 1айг белира тхан нанас:
«Бисмалла а алий, х1ума яа шайна»,-аьлла.
Со вуххьа велира, ца юуш.
«Ахь х1унда ца юу, х1ун хилла хьуна?» - хаьттира нанас соьга эсала:
- Суна царцана яа ца лаьа. Суна сайнна беза кад,-жоп делира ас.
Суна т1е куьг а хьаькхина, хьаста а хьаьстина, юха а элира цо:
-« Вало царцанна яа х1ума. Цхьана юуш мерза ма хуьлу, юург»,-аьлла.
Со юха а сайн лаамт1е г1ертара.
Т1аккха реза йоцуш схьа а хьаьжина цо элира:
- « Вало, т1е хила. Кхуьур ву хьо…. И кад а кхочур бу хьуна, хьайнна »,-аьлла, дехьа елира иза.
- Со т1аккха а юучунна т1е ца г1уртуш, сайн амалца соьцура.
Гарзанаш юуш 1аш йолу ши йиша а, вежарий  а нене д1а а хьаьвсина, т1аккха соьга хьаьвсира, суна реза боцуш.
Цуьнан тидам хиллера церан. Со нене д1ахьаьжча, б1аьрхиш д1адохуш хийтира суна и. Со бахьана долуш, цуьнан б1аьргех хи даьлла эхь хетта, кхин вист а ца хуьлуш, т1е а хилла, х1ума йиира ас. Цул т1аьхьа, и тхайн ненан елхар дага а лоьцуш, вовшеха ца херлуш, мерза хан яьккхира оха, цхьана, - аьлла, дийцира дас шен доьзална.
Т1аккха доьзалех цхьамма хаьттира:
- Дада, х1унда йилхара иза? Кхин кад бацара цунна, хьуна гарзанаш йотта?
- Кедаш дуккха а дара. Цу цхьана кедахь йиш-вашас вовшеха оьцуш йолчу марзонан чам, суна ца бовзарна кхоьруш хиллера иза.
- Т1аккха хьуна бевзарий и чам?
- Бевзара. Дера бевзара,-аьлла, цхьана суьрта т1е хьоьжуш сана, бесачу пене хьоьжуш, сецира иза.
- Тайри хьуна и чам, Дада?-хаьттира к1анта юха а:
Дас жоп делира:
- Йиш-вешийца, цхьана кедахь, 1ожаллин кхача баа ваххал тайра, сунна и чам,-элира воккхастага, цул т1аьхьа, т1етуьйхира:
-Делахь а, къаьста ца г1иртичий а, замано къаьстош хилла. Цхьанна шенна буьтуш а хилла и кад, тхан нанас ма боххура. Х1етахь суна моьттура, цхьа тхайн нана бен, цуьнан ден-ненан доьзал кхин хилла бац. Иза хиллер-кх, цхьаъ ша йисина, Миска, х1инца со санна,-аьлла, эхьах ваьлла, вилхира воккхастаг, - Байттмалла я1, хьо дуьне, байттмалла я1,- бохуш, шен йиш-вешийца цхьана ша кхача биина кад мара а къуьйлуш. Доьзал кхийтира, йиш-вешийна юккъерачу гергарлонал мерза, кхин марзо хуьлуш цахиларах.


Резванова Айза

Б1арса а лахделла, т1евеънарг цавевза.
Хьекъалах тилла-те,
Хиллачух цакхетташ?
Мотт багахь,тхьузбуьйлу,
Дош ала,цакерчаш.
Къинхетам белахь Ахь,
Йа Аллах1 - Дела!

Ойланаш гулъелла,
Даге барт ва хоьттуш.
Дог хеба кийрахь ша,
Дагаро ва морцуш.
Со Хьоьга кхойкхуш ю,
Са карзаха ва дуьйлуш,
Къинхетам белахь Ахь,
Йа Аллах1 - Дела!

Со орца лоьхуш ю,
Малхе дог ва дохуш,
Мерза са 1ехош ю, Кхачанийн ц1е йохуш.
Дилхан дог хьоьсту ас,
1ожалла д1ачехош.
Къинхетам белахь Ахь,
Йа Аллах1 - Дела!

"Велларг бен вац олу,
Валарах ва ваьлла,,
Седарчийн лепар а,
Кхуоларшка ма даьлла.
Сан деган мерзаш шун,
1адика ва йойла.
Къинхетам белахь Ахь,
Йа Аллах1-Дела!



Луиза Исраилова, вон дагадаийти ахь суна и къастар...
И ца дийцича 1енлур яц со...

Зудберана к1ант веарера хит1е..
Х1еттехь тхойга хьошалг1а еана, сан хенара шича а ю...
Иза а юьгуш яхана со к1антана хи т1е...
Вовшенца мелла а къамел ди охашимма...
Со реза яцахь а, цунна лерам а бина, "х1аъ,, аьлла, юху йоьрзуш со а ю...
Ц1еххьана, цу к1анте забар еш, соьца йолчо эли;
- Юху вог1уш, шакаладаш а яхьаш ца ваг1ахь,  йо1 т1е йоийтур яц ас, - аьлла...
 - Хьуна ян шакаладаш хилча-м, сайна царца чай а муьйлуш 1ийр варий со, - аьлла, жоп делла,  д1а вахана, кхин гучу ца волуш, виси к1ант... Ас хабар дахьийти,
- Шакаладаш ас оьцур яра, чай мийла, гучу валахьара, "шакалад бахьнехь,, боху, т1ехбеттамаш ма битахьара вайшиннах, аьлча а, ца аьлча а, вайра иза - м...
Цул т1аьхьа цу шакаладах чам баьлла, уьш юуш яц со - м, цо х1ун до - м хаац...
Луиза, хаза дера дара иза, "ш,, ала йиш йоцуш, массарна г1ара а даьлла...
Масаммо еара суна и шакаладаш, цунна яхьийта бохуш, забарш еш...
Дукху чай мийлийра цо тхуна...

Ма алахьара, аьлча а, вист хиллачу к1анте и ца дуьйцуш тхан шича ца 1ара...
И дукху хазлой, шакалад кхуоа наха ца йора...
Х1инца а самукъа долу тхан вовшах кхеттачахь и дуьйцуш...
Ахь сама даьккхи и г1уллакх х1инца...
Со цуьнга яханехь, аьлча а, цо со йиганехьара, цу хьан дийцарехь, майрчо  эцаза йисиначу цу палашал башха, и шакалад цунна ца йицъялийта - м, со а хьожур яр - кхий...
Амма, цу хьан дийцарехь волу, "к1еда - пис,, хир волуш вацара иза - м...
;;;;;;;;;

Р.А...


Алхьамдулиллах1и, я Аллах1 - Дела!
Вацар - кха Хьо воцург, дала я деха...
Ахь маршо яларна, къинхетам беха,
Я Аллах1, хастам бу, хастам бу Хьуна!!!

Алхьамдулиллах1и, я Аллах1 - Дела!
Юху а 1уьйренга дахарна маьрша,
Синтеме х1аваъ Ахь даларна керла,
Я Аллах1, хастам бу, хастам бу Хьуна!!!

Алхьамдулиллах1и, я Аллах1 - Дела!
Беркате дог1анех 1аборна латта,
Ницкъ луш цу 1аламна тхан дегнаш хьаста,
Я Аллах1, хастам бу, хастам бу Хьуна!

Алхьамдулиллах1и, я Аллах1 - Дела!
Доккхачу дуьненахь, нуьре малх белла,
Юху а 1уьйренна синмаршо елла,
Я Аллах1, хастам бу, хастам бу Хьуна!!!

Алхьамдулиллах1и, я Аллах1 - Дела!
Мохьаммад пайхамар валарна тхуна,
Синош тхан кхолларна, дезачех Хьайна,
Я Аллах1, хастам бу, хастам бу Хьуна!!!

Алхьамдулиллах1и, Я Аллах1 - Дела!
Дуьненан, эхартан да волу Эла!
Декъала некъ харжа кхетам Ахь белла,
Я Аллах1, хастам бу, хастам бу Хьуна!!!

Алхьамдулиллах1и, Я Аллах1 Дела!
Кхолламан лазамаш совг1ате лара,
Ийманца даларна доьналлийн дакъа
Я Аллах1, хастам бу, хастам бу Хьуна!!!

Алхьамдулиллах1и, я Аллах1 - Дела!
Хастам бу, хастам бу, Ахь деллачунна!!!
Р.А.




Вайна бен дуй те, вай хьекъал долчу наха кхин мохк денбеш, кхечу махкахь вайн дай г1иллакхаш дохкуш  хилча?
НОХЧИЙН КЪАМ - дайша дехкинчу оьздачу г1иллакхашна т1аьхьа дерриг дуьне х1уттур долуш, литтинчу дешех лур доцуш ц1ена къам ду...
Кхечу къаьмнех нохчий хир буй те, вайнаха вешан махкахь нохчолла д1а тасарх а, кхечу къаьмнаша вайн дайша шайн т1аьхьаьнна аьлла лерина долу г1иллакхаш т1е эецарх а?
Вай махкара хьекъал, кхетам болуш болу нах Россий пачхьалкхан лаамца ц1ера бог1ий д1а бог1ийтуш хилла даима а, я х1аллак беш а, т1апаза д1абойуш а хилла...
Кхечу пачхьалкхаша т1е а лоций, тешам а, кхетам а болуш хиларна, коьрте а х1оттавой, цуьнга шайн къоман сий лаккха айдойтуш хилла...  Хьекъал долчу пачхьалкхехь ларам а беш вайн къомах волчу стагана.... Царах дало дуккха а масалш ду вайн....
Амма ас кхайкхош дерг х1инца сайн а, нохчийн маттах догдазархойн а сингаттам бу....
Вайгара мотт д1абоккхуш бу...
Мохк боцуш, мотт  боцуш вешан т1аьхье д1ахеца кечделла вай...
Вай вешан дай хьекъале ца хилла бохуш, бехке беш, сийсаза бахь а вайн дайша шайн т1аьхьенна дитина, шайн дайшкара лардина мехала совг1аташ ду Даймохк а, нохчийн мотт а....
Нохчийн къам дийна латтош долу са а, син дозалла а ду и шиъ нохчийн къоман...
НЕНАН МОТТ а, ДАЙН МОХК а...
Вай нах делахь вешан дайша дитина и мехала совг1аташ лелор ду вай, СИЙ а деш...
Нах дацахь Сийлахьчу Дайх дисина совг1аташ вайна хьакъ дац...
Аллах1 - Дала ц1ена бусулба а, СИЙ ДОЛЧУ ДАЙН Т1АЬХЬЕНАХ,  ХЬАКЪ ДОЛУ НОХЧИЙН КЪОМАН ЯХЬ ЙОЛЧУ ДОЬЗАЛЕХ ДОЙЛА ВАЙ!!!

Резванова Айза
2018

Нохчийн къоман г1иллакхаш Аллах1а доссинчу Къор1ана т1ера схьаэцна ду...
Аллах1а магина некъаш ду нохчийн къоман дайша дехкинарш а, лелийнарш а, вайна дитинарш а....
Церан низам ца дохадайта т1е ч1аг1деш х1иттийна 1адаташ а ду....
Цу т1ехь цхьа а шеко яц....
Къор1ана т1ера хьехамаш бу (Д.С.М) хуьлда цунна, Делан элчано, Мохьаммада пахамара шен хьадисашкахь дуьйцуш дерш... Уьш дериш а тидам беш теллича, вайн дайн г1иллакхийн бух бу....
Шен шеко йолучо, талла мегар ду...
Къовса йиш йолуш а ду уьш, цу оьздачу г1иллакхийн сий а деш, вайн дайша нохчийн къам кхиийна, дийна а латтийна...
Тахана цу г1иллакхех тешам д1а балахь, кхана бусулба динах тешам барна кхерам бу вайн т1аьхьенан....
Шай дайн г1иллакхаш сийсаза денчо, шен т1аьхьенан некъ дакъаза боккху....
Дала т1аьхье беркате кхиайойла вайн!!!

Р.А.

Кхечу пачхьалкхехь болучара шайн мотт лелош бу, вешан махкахь а дехаш нохчийн мотт когаш к1ела тосуш лаьътта вай...
Кхечу пачхьалкха д1а баханачарна бехк билла х1ума дац кхузахь дуьйцуш дерг,
Вай вешан махкахь ларбан беза нохчийн мотт....
Цигахь мегаш долу вайн къам ц1ахь х1унда ца мега те, вайн пачхьалкхана?
Вайн дайн г1иллакхашца, яхь, доьналлийца, вешан махкахь вайна х1унда ца мега 1амо а, бийца а, нохчийн мотт?
Нийса кхеталаш, дехар ду шуьга!
Къийсамашна а, вовшен 1иттарш ян а къамел дац х1ара....
Шайн цхьацца бахьнашца махках бевллачарна бехк биллар дац х1ара....
Даймахкахь бехачарга беш кхайкхам бу....

Р.А




Резванова Айза
1аьржа яг1у….

Шерашкахь  ц1ерга  х1иттина, даьгна, 1аржделла, доккха ялг1у хьалха диллира, несо, мардена.
– Дада, ахь цу ялг1у чохь юуш, чомахь  хета юург олу дела, дилли-кх ас и хьуна хьалха, – элира т1аккха. Цул таьхьа, шен мардена х1ун тов хьоьжуш, сецира.
– Дела реза хуьлда хьуна!  Цу ялг1у чуьра кхечу пхьег1ий чу йиллича, чаммаза йолуш хета суна и  юург, – элира воккхачу стага. ТIаккха шега ладоьг1уш лаьттачу несе д1а а хьаьжина, – парг1ата хила хьо, х1инца,  –  аьлла, вистхилара. Ша, паднар т1ехь, хьала а хилла, чуччу когаш а боьхкина, д1а а нисвелла, х1ума яа хиира. Цул т1аьхьа, паднара йистехь хиина 1аш волчу,  ялх шо кхаьчначу, к1ентан к1анте, д1а а хьаьжина, элира цо:
– Ислам, схьавола, дадийца х1ума  яа хьайна.
– Ца еза суна Дада. Вуьзина ву со, – элира, жимачу к1анта.
 Воккхастаг, Бисмалла а аьлла, цхьа безамехьа ялг1у чу а хьаьжина, х1ума яа волавелира. Цхьана куьйга схьалаьцначу хьокхаман юьхках, вукху куьйга жима-жимма схьа а боккхий, ялг1у чу а 1уттий, д1акхоллура цо.
Доьххьара ша юург кхаьллича, леррина цу ялг1у чу а хьаьжина, байй корта ластийра цо.  Т1аккха к1еззига балда а озош, вела  къежира. Юха а кхаьллира, хьалха санна. Т1аккха, сих ца луш, б1аьргаш  ялг1у чу хьежа а дуьтуш, меллаша мочхалш меттах а хьедеш, ойланашка ваьлла, 1ара. Т1аккха а, б1аргаш цу ялг1у чу доьгIна дуьтуш, юург д1а а кхаьллина, ша 1аччохь техкира, ойланашка вахана-а. Шен тидам беш 1ан к1ант а ца гора цунна, ц1еххьана, ялг1у чу хьоьжуш долу, цуьнан б1аьргаш, цхьана х1уманах тасаделча санна, цхьанаметтехь севцира, к1еззигчу ханна.  Т1аккха, г1ийла вела а къежна, шен буйнара  хьокхаман юьхк  охьата11ош, маь1-маь11ехула цу ялг1у чу а хьаькхина, и ерриге  а марзо ша схьагулйича санна, д1акхаьллира цо.
Ислам,  цуьнан тидам беш а 1ийна, цо юург марзъелла, хIума яа тIехилира. Жимма 1ийна, дедега д1ахьаьжча,  цуьнан  б1аьргаш чохь,  къегина хиш гира цунна.
Ислам ца кхийтира цуьнан велакъежарах а, ойлане вийларх а, б1аьргаш чохь къегинчу хих а.
Цул т1аьхьа дуккха а хан-зама  д1аелира. Воккхалла, Исламе кхечира.
Доьзална вукъвеллера Ислам.
Гон генаш а тийсина, шорделла, ирахдаг1ана,  лаьттара цуьнан хенара дитт а.
Уьйт1а веара лулахо. Цо элира:
- Де дика дойла,-аьлла.
-Далла воьзийла, марша вог1ийла хьо. Схьавоьл охьахаал хьо-м,-аьлла, вист хилира Ислам:
-Охьа хиина 1ийр вац со, х1инца цкъа.  Ислам, тезеташка х1оттий вола вайша,- элира цо:
-Ца вахча вер вац, тезета а,-элира Ислама. Цул т1аьхьа чу а вахана, шена т1ера бедарш хийцина аравелира иза. Т1аккха шаьшиъ кех волучу заманчохь элира цо:
- Жималло ша лелавора, воккхалла лелодезаш хилла-кх,-аьлла.
Цхьанхьа а, шинхьа а тезета вахана, зиярт а дина, вухавирзира и шиъ. Д1аихначу шераша а, некъаша а, г1елвина ши лулахо, шен-шен х1усаме верза сихвелира. Ислам чу кхаьчча цуьнан доьзалаш а, доьзалийн доьзалаш а х1ума яа стоьла гонаха гулбеллера.
Т1аьхьарчу заманахь аттачу даьллера дахар. Х1ума юуш йолу чоь, нускал санна д1акечйина лаьттара. Юккъе х1оттийна куьзга санна къегина, еха стол яра. Керла, цакаглучу аьнгалийн, пхьегIаш яра, стол т1е  х1иттийна. Мичча хенахь а бес-бесарчу юургех юьзина лаьтташ яра стол. Хьалха санна ц1ерга яй, ялг1у а х1оттош, кечбеш бацара кхача.
Кедахь, я бошхепахь, шен-шена товчу чомехь, цхьанна я шинна яъал, тоькаца йолчу духовки чохь йохъеш, буйна 1айг, м1арий а лоций, юучух хьакхабелча п1елг бехбаларна кхоьруш санна, шен-шена хьалха лаьттачу бошхепа а юьллуш, юуура, х1орамма. Цу кхачанех чам кхеташ вацара Ислам. Цунна кест-кеста дагадог1ура, х1етахьлера  доккха ялг1у. Т1аккха, меллаша волавелла, цхьаннига  х1ума ца олуш, лелош йоцу сал-пал д1айиллиначу  уоти чу вахана, пхьег1аш кего вуьйлира иза. Шерашкахь т1е-к1ел йохкуш гулъеллачу пхьег1ашна буххахь карийра цунна, ша лоьхург. «Керла юкъаевлла пхьегIаш дукхаелахь а, хьоьга кхочуш пхьегIа  яцар-кх, соьга хаьттича», – бохуш, цунах воккхвеш, ялг1у дохьуш чувеъначу воккхастага, элира:
– Зуда, х1окху ялг1у чохь жижигца картолаш кхарзахьа, ас ламаз дешшехь. Ма мерза хуьлур-кх, цу чохь кечбина кхача. Мацах, лулахой хьошалг1а а кхойкхура, цу кхачанан хьожано,-аьлла, дехьа велира иза. Цуьнан х1усамананас, мало ца еш, сихха ялг1у ченех ц1андеш, хица дила а дилина, ц1ийдеш жижигца картолаш кхерзира, т1ехула хох а тосуш. Ислама ма-бохху, цхьа хазчу чомехь, схьаелира юург. Шен дедас аьлларг дагдеъча санна:
– И ялг1у схьадалахь, суна хьалха. Кхечу пхьег1ий чохь чам кхетар бац суна, – олуш, стоьла йисте вахара иза. Доьзалаш хьала г1евттира, жима а, воккха а. Ислам даима ша охьхуучу, стоьлан коьртехь охьа хиира, доьзалшка,- охьаховша олуш. Т1аккха, и даьгна, 1аржделла, доккха  ялг1у, цу къегинчу стоьла т1е, Исламна хьалха диллара х1усамнанас. Доьзалаш цхьабоьсса схьахьевсира цуьнга. Б1аьргашца, цхьа мерза, цу ялг1у чу хьаьжира Ислам. Т1аккха, шен даг чохь воккхавер долуш, Бисмалла а аьлла, х1ума яа волавелира, цу юуучуьнан чам боцург, дерриге  диц а дина.

Ша дуьххьара д1акхаьллича, и чам тайна, г1ийла корта а лестош, д1асатехкара иза. Цунна дагавеара шен деда. Х1инца суна санна, чам тайна хилла-кх цунна х1етахь, аьлла, велакъежира иза. Юха а д1акхаьллира. Т1аккха, цу ялг1у чу а хьоьжуш, шен багахь ерг 1уьйшуш, генара жималла дагатесира цунна. Дагавеара шен деда юха а. Иштта дагалецамаш хилла-кх иза х1етахь ойлане вохуш хилларш. Цундела хилла-кх цуьнан велакъежар...  ойлане велира иза, х1етахьлера суьрташ дага а лоьцуш. Т1аккха, б1аргаш севцира цу ялг1у чохь, ц1ийелла бухлеттачу картол т1ехь. Лерина цу картоле хьоьжуш, 1ара иза, вела а къежаш. Цунна гора, шен жимачу вешин а, йишин а, кегий куьйгаш, цу ялг1у чохь бухалетта, ц1ийелла картолаш схьаяха тийсалуш. Т1аккха, охьта11ош, цу ялг1у чу а хьаькхана, цхьа мерза-марзонца,  д1акхаьллира  цо  шен буйнара бепиган юьхк. Ц1еххьана, юьхь-сибат хийцаделира Исламан, т1аккха. Нана дагаеара цунна, цу ялг1у чохь юург кечъеш, хилла.
Б1аьргаш чу хи х1оьттира, легашка хораман шед а беана. Юха, шен деден б1аьргаш дагадаьхкира, хих дуьзна хилла. Т1аккха, ялг1у чу а хьоьжуш, ойланашка вахара иза. Х1ара марзонаш хилла-кх, цо х1етахь, вела а къежаш, б1аьргашца цу ялг1у чуьра , лехьош хилларш. Х1ара дагалецамаш хилла-кх иза ойлане вохуш, цунна хьалха х1иттинарш. Къастаран къаьхьо хилла-кх, х1етахь цуьнан б1аьргаш чохь, къегина хиш гулдинарг, бохучу ойланашца сацавелира иза, ялг1у чу а хьоьжуш. Юха, жимма балда а озош, доккха са а даьккхина, г1ийла мочхалаш метах хьедан волавелира. Мацах цкъа шен дедега хьоьжуш 1ийна Ислам санна, кхуьнан тидам беш 1ийна, к1ентан к1ант, шен г1ента т1ера хьала а г1аьттина, Исламна т1е а вахана, цу ялг1у чу а хьаьжира.
Т1аккха хаьттира цо:
– Дада, хьо цу ялг1у чу а хьожуш, цкъа велакъежаш, т1аккха велха г1ерташ ма  хуьлу?   Х1ун ду цу чохь хьуна гуш дерг?   
– Кху ялг1у чохь дуккха  а х1уманаш ду, дадина гуш. Хьуна гур дац цу чохь дерг, цкъачунна.Тохара со, хьо санна жима волчу хенахь, тхан дедена гора цу чохь дерг, суна ца гора. Кхано-о, хьо сан хене вахача, х1окху ялг1у чохь х1ума яа хьо хиича, хьуна а гур ду,  – элира Ислама, шен т1унделла б1аьргаш дела а къежош. Жимачу к1анта, цец а ваьлла, элира :
– Ва, х1ай! Оццул дукха 1ен веза теша со, цу чохь дерг х1ун ду ца гуш?
Воккхачу стага ойла а йина, элира:
- Т1аккха а, хьуна кху ялг1у чохь и сан дог хьоьстуш, я б1аьрг белхош долу сарташ гур дуй  хаац, кху цхьана ялг1у чохь, доьзало вовшеха оьцуш йолчу мазонан чам бевзина ца хилча.
Т1аккха дийхира к1анта:
- Нана, тхан дехар ду хьоьга, кечбехьа тхуна цу ялг1у чохь, марзонан кхача. Ма мерза бу-кх, цу дадин б1аьргаш чохь гуш болу олу цо...


 


Рецензии
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.