***
Сан дагчохь г1отту,
Къажъеш сан ойланийн,
Са маьрша доккху.
Хьо са ду сан б1аьргийн,
Нур серла дохуш.
Дахаран аьхначу,
Некъа со йохуш…
Хьо 1уьйре юха а
Сан г1енаш къовлуш
Мерзачу 1аьнарца,
Маршалла хоьттуш.
Хьо ду – кх сан дуьне,
Сада1ар доцуш,
Ас тегнарг дахарехь,
Ирсе дог дохуш…Резванова Айза
Сийсара г1енаха йилхи со, Нана,
Суо г1ено г1енаха 1ехор ца тайна...
Боккъал а бакъ дина, хьо яр тадина,
И мерза сатийсам, г1ан хилла байча...
Юху а самаха, цу г1ене кхача,
Сатесна юьйжи со, набарна товжа...
Хьан когийн к1еда лар, лерсино лоьцуш,
Г1ена чу ели со, набарха йолуш...
Буьйсанан къовларшкахь дуьтуш сан г1ан а,
1уьйренан синт1амарш сайн корехь дайча...
Сан холчу х1оттар а, хьостуш, ма тайр - кх,
Буьйсанан 1аьржаллехь г1аттар, наб яйна...
Р.А.
Сан Даймохк, ас сайн сил дукху безашехь буьтур бара хьо дена бинчу вежаршна, дог реза а дина, яхь йолчу нанас бина уьш хилча...
Шайгахь яхь ца хиларна, ас лелочух ца кхетта, хьо цара д1акхоссарна кхоьруш хьан дола дан а х1оьттина, хьо къуьйсуш ерг хила а дийзи - кх, йиш - вешийца...
Ден лаам а ма бара, вайн ворх1е а дайша динчу совг1атан сий - ларам а беш, шайн доьзалех дай хилийта Даймекан....
Аллах1а барт цхьаъ бойла вайн!
*****************
Хьо вог1ург ма хилла,
Геннара б1аьрг тоха.
Со ехачу дозанан,
Синбарам буста...
Хиарий ткъа хьуна,
Цкъа мацах дуьйна схьа...
Ас лелош хилар хьайн,
Некъан бустам?
Хьо геннахь хилар а,
Дегйовхо лоруш,
Йоккхаер ду соьца,
Ирсан да хила...
Цхьана дийнахь синмерза,
Мукъамаш совцахь,
Ца уьдуш соцур бу,
Са лоьру цхьамза...
Р.А.
*************************
Свидетельство о публикации №218040401072