Ма йазде боху...

Резванова Айза
Ма йазде...

Ма йазде боху ахь безамех,
Ма хьеста боху ахь зезагаш,
Ма дийца боху ахь хьозарчех,
Йа б1аьсте кхелинчу зазанех.
Ткъа муха йаха со дуьненахь,
Ца дуьйцуш дахаран марзонех?...

Ма йазде боху ахь безамех,
1ин - к1оргехь диекачу шовданех.
Таж - коьртахь, къиегачу ламанех,
Дашуочу 1аламан хазаллех.
Ткъа муха йаха со дуьненахь,
Ца дуьйцуш дахаран марзонех?...

Ма г1итта боху ахь 1уьйренца,
Цу маьлхан з1аьнарийн серлонца,
Седарчех къиега и бецан - тхи,
Ма лиеца боху ахь тидаме,
Ткъа муха йаха со дуьненахь,
Ца дуьйцуш дахаран марзонех?...

Ма йазде боху ахь безамех,
1уьйренех дуьйцучу суьйренех,
Буьйсанаш зарзйечу седарчех,
Нуьре 1аь г1уьттучу бетта - сих,
Ткъа муха йаха со дуьненахь,
Ца дуьйцуш дахаран марзонех?...

Ма йазде боху ахь безамех,
Ма хьиежа боху ахь виезаре,
Ма кхийда боху ахь дог - даге,
Ма вийха боху ахь ойлане,
Муха со йаха кху дуьненахь,
Дуьтуш дог хьиега цу марзонех...?


Рецензии