Йиша

Деноша к1ир дуза
к1ирано бут буза
батто шо дуза
 ишта хан йуза
Вайн дайша ч1аг1 дина
Наноша лардина
Къаноша дийцина
Гергалонш дисина
Гергаллойн  г1айг1ан ц1охь
Шаьш нац1къар кхиссарна
Сан йишас туьйхи мохь
Кхуоьраш со висарна
Гергалох хиер ваьлла
Г1иллакхах галваьлла
Нахалла сов ваьлла
Со шиенна виезарна
И марзо соьца йу
Вай дайша йитина
Йишина ваш хила
 Весет ас ч1аг1дина


Рецензии