Сатийсам

САТИЙСАМ

Бохамаш, лазамаш,
Къизаллаш, халонаш…
Йамартхойн къайленаш,
СабIаьрза хиламаш…
Къаьхьа къурд,
ХIиллан сурт,
РогIаллехь хийцалуш,
Замано йорт йетта,
Дика вуонца кегалуш,
Уьш иэсехь диц а луш,
ДогIучуьн йохь ца гуш...
Масане боларца
Уьдучу шерашкахь
Дикане, хаддаза,
Сатуьйсу вай…
Аганахь вай техкош,
Иштта сатийсина,
Эхарте бирзина
Вайн йахье Дай…
Бохамаш, хиламаш,
Йамартхойн хIилланаш...
Дахарехь дикане
Сатуьйсу вай...


Рецензии