Деши. Дети. Сом. Туьма
Сан хенар болчарна а, сол баккхие болчарна х1еттие а дага дог1у, йа базарахь хуьлийла иза, йа дикани-вуниехь хуьлийла иза, куьг кхача уллехь ахчан риц1къ ца хилча боьрш сага олура: "Асс дош локха хьуна, цу хена, йа цу хена хьан риц1къ ц1а кхачадан".
Асса Дош ло хьуна, аьллачул т1аьхьа, хабар чекх долуш дара, угратталха ч1иран йукъахь а.
"Ас дош ло хьуна" - аьлла йа йо1, йа жимчу сега багара дош даьлчулт1аьхьа иза шиъ, шаьш шинна Дош кхочаш дархьамма, йа делла д1адовла диезаш хилла, йа махкара бовла биезаш хилла.
Мичхьа кхеча тиеша Нахчойн дош, Нахчойн г1иллакх.
"Г1иллакхан хазна доьжна чохь, шовда тухур дац" - олуш кица дара вайн Дайши.
Шовданаш а лекъна, г1иллакх а г1ел делла.
Шиен Нена мот хьарам бинчу къоме сатийсам хила йиш йуй тиеша ШОВДАНЕ.
Де дийне мел долу
Къоршамал сов йуьйлу
Г1иллакхие мел волу
Йукъ-меттиг галйуьйлу.
Ас Дош ло - бохуш дерг
Лелаш дац х1инца
Йаьхьанца дерзош дерг.
Дерза до ц1ийца.
Кханенна ойла йац
Сонталла тоьлла
Леладеш г1иллакх дац
Нах хийра бойла
Свидетельство о публикации №226011301281