Сан къона заманхо
Сан къона заманхо – тIаьхьенна геланча!
Хьо буха вуьсуш, Эхарта бирзина,
Къонахий-Турпалхой – халкъана шаьш безна,
Сийлаллехь, иллешкахь, ларамца хьехийна…
ТIаьхьенна, бовзуьйтуш, ма-барра бийцалахь,
МостагIша дийцинарш – бакъдашца хийцалахь,
ХIораненна а сирла васт – ма-дарра гайталахь!
Тъа со…
Ма-велахь бехке, сан боцучу бехканна…
Шен кхоллам болуш ма-веха вайха хIора а…
Йахь йолуш кхиинарг, дацахь а гIора,
ГIаролехь лаьтташ ву, хаддаза, Махканна.
Шаьлта буйнахь вацахь а, йохь ларош волчунна
Ма-олийла «йуьстах ву, гIайгIа йац долчунна»…
Цуьнан зама дIайаларх, доцург ма-олийла цунна!
Сан къона заманхо – тIаьхьенна геланча!
Вайн иэшам бу хьуна иэс-кхетам хийцалахь…
Сий долуш баьхна, халкъанна безна…
Къонахий-Турпалхой тIаьхьене бийцалахь!
29.05.2019
Свидетельство о публикации №226012400728