Ваша сил а хьоме ву

Цкъа тхан ваша а, со а новкъахь схьа дог1уш, тхойшинна чу хьедда дог1уш дара и нана - доккха ,,овчарка". И тхайн вешина т1е ца кхетийта, цунна дуьхьала йедира со, цу ж1аьлочул а ч1ог1а мохь хьокхуш, лаьтта кайетташ, т1улгаш т1е лестош.. Ж1аьла соьга схьа а хьаьжина, деда йухунехьа, ша ма даддалу. Тхан вашас эли: ,,Эх1ей Дела диэ хьо, Дала х1аллак! Иштта хьо кхоьраш дуй хиънехьара, сайн ши куьг ца даго дарий ас," - аьлла. Цунах цец йаьлла хаьтти ас: ,,Маца , муха дагийна ахьа ши куьг?" - аьлла. Вашас дийци т1аккха:
-1уьйранна даима а санна, вада вахана, вог1уш вара ша. И ж1аьла т1аьхьа дедда шена, новкъахь газ тесина турба йу моьттуш, кхоссавелла, хьала кхуозавеллера со, турбанах. И хиллера ч1ог1а йовха турба. Куьйгаш цуо дагуорах а, ж1аьлийга цестийта- м йиш йац бохуш, кхозуш со ву. Кхийссалуш, лиэташ, д1а ца доьдул ж1аьла а ду. Т1аьххьар а, Делан къинхетамца, цуьнан да волчух тера дара и, цхьана стага мохь тоьхна и д1а дигана, куьйгаш т1ера кховр а долуш, чу хецавели со, лаьтта воьсси. Х1ара куьйгаш х1инца а д1а дерзаза ду шен" аьлла, велавели тхан Ваша.
И ж1аьла кхоьруш доцийла хаара шена. Ша а ваьллера хьан сел ч1ог1а чу йадарах цец, Валлах1и йацара хьо, и ж1аьла хьайн вешина т1е кхачийта дагаххьа - м, аьлла дийцира тхан вашас цу хиламах, суна и дицделлачу хенахь.
Ваша шен сил а хьоме ву йишийна.
Вешина йиша а к1еззига йаций хаа суна.
Дала ша реза волчу тобанах дойла вай!


Рецензии