Керла 22. 04. 2026
Иза - м цкъа а ца къанло.
Ткъа и белча, шалло дог а,
Т1аккха къарло заманна.
Иштта - м ду.;;
Дала геч дойла цунна!
Абдул - Хьамидан х1ора байт а йу нохчийн къоман г1иллакхашка зазза хоьцийтуш.
Дела реза хуьлда шуна, массарна а!
Со ду хьоьжуш, тидам беш,
Вог1ург - воьдург вагарвеш.
Леларг дехкех некъаш деш,
Б1аьрга ван а ца везаш.
Ишттанаг ас лоцар ву,
1алашоне катуоха.
Варе, хилалаш тарлуш,
Цициг ду со, дериг гуш!
*****
Хьаг1 - гамо бохучу шина дешан орам ,,Хьогам" бу.
Хьан кхиамех кхаъ хилар а доцуш, хьоьгуш болучеран кхоллалуш йу и хьаг1 - гамо хьоьца.
Наггахь бог1ий хьогам,
Мокха б1аьргашца.
Хьан кхиамаш лоьруш,
Хьоьжу къайлаха.
Сирла ойла йоцуш,
И некъ декъалбан.
1аьржа тало хоьрцуш,
Дуьйлу дог т1ек1ал.
Эхх1ар а цу кийрахь,
Боданех бой бен.
1уьллу дог а хиерехь,
Йеш ша - шена кхел.
Р.А.А.
Зура, т1ахьа делахь а девзина суна цу хьог1ан йуьхь - сибат.
Нехан б1аьрг серла ца балийта боданехь шен дахар кхачор долуш ду и дог.
Дала ларвойла церан декъахь хиларах!
Тхан лулахочо ара а ваьлла мохь хьоькхура:
- Вааа орца дала! Ва орца дала! - бохуш.
Массо а сихонца, ша - ша хьалха цунна т1е кхача а г1ерташ, уьйт1а гулбелира лулахой а, кет1ахула тех бовлуш хилларш а.
- Х1ун хилла? Х1ун ду ухузахь, бохуш адам цец даьлча:
- Хилларг х1оккхаза чохь ду.
Резванова Айза
Нахана вонаг доьхучул а и хан а Деле шиена диканиг доьхуш йаккхар ши са йу. Вон ойланех д1а къастар а хуьлу....
Делера йал а хир йу.
Дала мукъ лахь!
;;;
Свидетельство о публикации №226042200063