Керла зама
Йаханчу заманах со хьиега веш
Сан ойла 1адийна, ч1аналлие йирзина
Бертаза сан дахар-х йесар а деш
Сан мот а сецна бу, дош ала ца туьгуш
Аьхь-бехках, хийраллех, со лара веш
Дахаран амат ду, б1аьргаш д1а къуйлуш
Сох дуьйлу г1алаташ хьелла а деш
Сан доьзал т1еманна «ловзарехь» кхиъна бу
Сан воккха хилара къизаллиехь ду
«Хьай Нана лойла хьан» - хьоминаг бохуш
Виначу Нанаса ларвина ву
Маржа йа1-кх х1ей зама, ма къиза хили хьо
Массийта оьмаршкахь та1зарал деш
Сан оьзда миска къам ма готта хьовзи ахь
Догмашчу халонна къиз 1атам беш
Свидетельство о публикации №226042900630