Къаналлийн-къоналла

Хахка говра хьойдехь йу
Наь1ар нуьйра  кийча йу
Датон варкха-х дуьрста йу
Топ а  х1оъац йуьйлан йу

Болат шаьлта ирйин йу
Хаьнт1и оьллин тур а ду
Таьллашк йиллин  мажар йу
Белшах тесна верта ду

Майраллийца дог а ду
Х1ейта аьлла дег1 а ду
Доьнал долуш гуо ма бу
Даймохк ларбан кийча ду



Буолар   ма-ду жималиехь
Ойла ма-йу  исбаьхьлехь
Маж-мекх  ма-ду   хьийзана
Нохчийн йаьхьах дуьззина

Маржа йа1 хьо  жималла
Сиха йелла къаналла
Дино йадйин воккхалла
Сан х1усамие йоссийна


Рецензии