Ибрах1имна Чонкаев

Куьцах, кепах деш дозалла доцуш,
Йа ца йоьхуш хьайн г1иллакхех йал.
Муьлхха адам доггаха т1е лоцуш,
Хьо - м лелара йоцуш цхьанцца хьаг1.

Некъаш дуора, ахь беркат с'адохуш,
Хьайн ден - ненан дегнаш ловзадохуш.
Ца вевзаш верг вовзар важаб лоруш,
Массаьрца а комаьрша са доькъуш.

Кху дуьнен чохь ахь к1еззиг хан йаьккхи,
Ца кхечи хьо ахб1е шаре а.
Хьан диканаш диси мелехь хьиэкъа,
Масалашцанна адамашкахь диэба.

Тхан хьомениг, хьо вара тхан жима,
Нахана - м хьо воккха хиллера.
Къонаха хьайх вайн  даймехкан хилла,
Хьайн ц1е йаха ахьа  йитина.

Кху дуьненахь хьан ц1е доггах йохуш,
Ибрах1им, хьан оха - м сий дуора.
Цу эхартахь маликаша хьоьстуш,
Йалсамана хьаша хьох войла!


Рецензии