Ангалин бердаш

Д1о мархийн басешца йежачу ойланийн
Хьийзаро: оьций хьо къоналлин корашка...

Вайшимма керт йора, хьийзайеш кертан ч1уг.
Вай цхьаьна берд хьора, хьерчабеш серан ч1у.

Кертах керт йазалуш, х1иттара вайн керташ.
Берда т1е- берд хьерчаш, йахлора к1ажарш д1а.

Йуцаргех йуьйцина, ма йара и к1ажарш.
Х1уьлбанех х1иттийна, ма йара и керташ.

Вайна т1е оьхура, цхьа мела дог1анаш.
Оьгура т1е вайна- экаме ч1огамаш.

Хьекъора, дог1ано, вайн йекха ойланаш.
Б1аьргана къегора, хьалкханаш- ч1огамаш.

Бердаш т1е йазделла, моьттура йозанаш.
Уьш кхиош оьхуш ду, моьттура дог1анаш.

Ангалех дуьйцина, хиллера бердаш вайн.
Ангалин хиллера, х1иттийна керташ а...


Рецензии