Нохчийн нахчойн кицанаш
Иза ши дош ду - МОТ а, БАРТ а.
Билгалло: Маь1ан бохуш дерг - Мораль - бохург ду.
МОТ
Къоман йуккъехь вовшиен дешдолчу къамелах – Мот олу ( къоман мот).
Адамаш вовшен до къамелах а – Мот олу (мот буьйцу)
Багахь лиебечух а – Мот олу
Дийцан элдитах – Мот олу ( мот бина)
Айкхал волуш дийцанчунах – Мот олу (мот тоьхна)
Билгалла тешна воццачу хабарех – «Моттарехь» олу
Адам цхьана х1умание шиеко хилча олу: «Сунам Моьттура», «Хьуна х1ун
Моьтта», олу
Парг1ат ваьлла д1авуьжачу меттигах а, ишта – Мот олу.
Маь1ан: Вижан 1уьллучу хенахь санна бен ма лиебе хьайн мот.
Ма дарра дийцича, адамийн кийрара доьххьара дешнаш схьадуьйлу метиг цуьна ага ду, вуьшта аьлча - мот. Цу меттехь цо 1амийнаг – буьйцу мот бу.
Цундела, парг1ат а ваьлла д1авуьжу меттиг а оьзда хилийта, ишта багар ара долу аз а оьзда хилийта.
БАРТ
БАРТ (бу) – нахан йукъахь долчу мерза гергаллонах а, доьйна йукъахь хиллачу машарах а – Барт олу;
БАРТ (аьлла; баьккхан) – Шиен Ненан куьйгах а, беснех а, ишта беран а йокхучу оба-х Барт олу ( барт баькхан; барт аьлла)
Маь1ан: Уггарелла а, адамийна синкхиетам болу амал, йукъметтиг.
КИЦНАШ
1. «Даса наь1арие тоьхан хьостам сатталца, керлачу х1усамехь барт ма ихийла хьан» - олуш хилла нохчийн зудараш ц1иера йолучу йо1е (марие йоьдучу йо1е).
Дукха хан йац нохчаша а, г1алг1аша а иза маь1ан охькхоьссина.
Х1усам-нанаса шиен ц1ийна –дега шай йо1 ц1ера йолу заманчохь хаъам беш хилла «Ишта цу хенахь, цу неха к1антие хан йиллина вайн йо1а» -олий.
Нагахь санна Да цу захалон реза хилча, цо арарчу аг1оне, наь1ар соне хьостам тухуш хилла.
Наь1ар соне диттина хьостаме дагар дича гуш хилла цу х1усамиера масс йо1 ц1ера йаьлла. Амма цу хьостамаш йукъиехь саттийна (1,2,3) хьостам белахь, цуо билгало йеш хилла мас йо1 (1,2) цу х1усамера марлла а доьг1на ц1айеъна.
Маь1ан: Ма хаъара, мариелах лаьцна Де а, йо1а а йуккъехь къамел хила йиш йац Нохчойн. Цу киепо ( Хьостам туохар) гойтуш хилла Даса шиен йо1е, вист а ца хуьлуш деш долу весет: «Х1инцалца хьо асс 1амийна, амал а, г1иллакх а, г1уллакх а. Иза шадериг схьалъолла х1окху хьостам т1и. Таханчулла т1аьхьа ахьа схьаиэца диеза хьо керта йоьдучу неха г1иллакх-г1уллакх».
2. «Цадохучохь «Б1ов» баьхна йо1, Дена йисна».
Маь1ан: Хьайн ц1ахь 1аьамма йолу амал, хьао ц1ера йолучу хена, хьайн Даса тоьхначу «хьостамие» схьал олла.
3. «Йо1 жима йолчу хена, Нана цуьна доттаг1 хуьлу.
Йо1 йокх хилча, цунах шиен Нена доттаг1 хуьлу.
Амма товжол а, г1ортол а шие Дена хуьлий д1а х1утта.
Маь1ан: Йо1ана Нана ойхьаз йу, ткъа Да бехке ву – бохург ду.
4. «Во1а (к1анта), жимчу хена шие Нана са гатдарца йелхайо, ткъа вокх хилча Нене сатуьйсаш а, цунна сагатлуш а, во1 (к1ант) ша воьлху»
Маь1ан: К1ента г1ортолла а, т1итовжолла а даиман Ненац хуьла, сен (стен) аьлча Деца йолу йукъ-метиг, Нохчийн г1иллакхо аьхьиенехь латта йо.
5. «Жимча несо жимчу хенахь шиен мар-нана бехке цалаьрриехь, йокх хилча иза ша хуьлу шени несана г1иллакх лело диезаша».
Маь1ан: «Пиенах тоьхан т1улг духние боьрза» - олуш ду Нохчийн кица. Цундела –Ахь лехнарг ду хьуна кхаьчнарг – бохург ду кху кицан.
6. «Боьршачу сага (стаг) шие Нанна схьалха, даиман а шиен х1усам-нана бехке йо. Хан а йаьлла, шиен керта нус йоьссача, т1аккха а несан схьалха шиен х1усам-нана бехке йо».
Маь1ан: «Х1усам де а, нена а долу дов, пхьуйренгахь дирзина» - олуш ду Нохчийн кица. Цундела Нена а, неса а дог ма дуожа де- боху маь1ан ду х1окху кицан.
7. «Ала - йо1е! Хаза- несе!».
Маь1ан: Данз дисан х1ума бахьна, несийца ойхьазло ца лаца, мар-нанаса шиен йо1 чиеха й., ткъа и дов хезаш йолчу несо цунах шиена т1аьхьло йо.
Доьзаллехь дов а ца хуьлу. Нус метта а йог1у.
8. «Де-Нанна а , Нена-Нанна а, шайн бери-бераш, шайн во1ан а, йо1ан а, схьалха бехке хиета. Де-Да а, Нена-Да а, шейн бери-бери коьртара чо ца божийта, шей берашан та1зар дан кийча бу»
Маь1ан: «Ч1ир оьцар йерш бу» - олуш, биегаш бо нохчаша бери-берашах лаьцца. Амма, Де-Дена а, Нена-Дена а, шай бери-бераш керахь го, шайн т1аьх1енна бух, цундела царна уьшша шай берашелла дукха биеза.
9. «Шиен Дена а, шиена а йукъера меттаг ларъеш во1ан (к1антан) ч1ог1а ниц1 хуьлу. Дай-Наной а, йижарий-вежарий а, вовшиех кхеттачу заманчохь,
Нанас охь хаъа к1ант олу. Нена хабр хезаш 1аш волчу Даса тидам бо шиен во1е. Нагахь санна к1ант охьа ца хаъахь, Де ойла хуьлу – «Соьга хьаьжжана ву сан во1»- олий.
Нагахь санна к1ант охьа хаъахь, Де ойла хуьлу – « Шие Нена хьекъалехь ву сан во1»- олий.
Маь1ан: Цадийцанирг- цахезз ду; Ца хезнаг – хиъна дац; Ца хиънарг – дайна ду.
10. «Нагахь санна, ков-кертахь лулахошна а хезаш, мохь туххуш йист хуьлуш х1усам-Нана йелахь, цу кертарчу х1усам-Да велла ву».
Маь1ан: Кертахь мохь туххуш къамел дан бакъо йолуш х1усам-Да бен вац.
11. «Собардие ахь, хьайн Да ц1аваийтахь» - олуш шиен доьзалие кхерам тосуш Нана йацахь, цу доьзаллехь ларам хира ма бац шайн Дега».
Маь1ан: Нанас гойтуш бу доьзална, шиен х1усам-Дега а, доьзаллин Деега а хила биеза ларам.
12. «Бакъ волчу нохчийн х1усам-Даса, а бакъ йолчу нохчийн х1усам-Нанас а дуьнен чохь шаьш дехачу хена, вовшие ц1ерш йохар йац»
Маь1ан: Нагахь санна иза ишта дацахь, царгара Нахчолла йожна.
13. «Сен (стен) схьала г1отту хан йаьлла йокха саг (стаг), боьршачу беран а? Дера х1уьтту цуна къуонах вархьамма (нагахь санна иза къуонах хирволуш велахь)».
Маь1ан: Оццула хене йолу иза схьала г1аьттача, гуонахьара кхидабераш а хуьттар ма бу схьала.
14. «Несан г1улкхшие сатийсанчу мар-ненан, шие несах мар-нана хилла»
Маь1ан: Мар-Нанаса хьиехарийца жималиехь кхиъйан йиеза шиен нус.
15. «Дикчу Нанас шиен бераш мерз-кхачан хьожанца г1овта бо, ткъа дикчу Даса, кертахь тухучу мангаллийн г1овг1аца г1итта бо».
Маь1ан: Нанас 1уьйре самбаха а, иза 1уьйре чуйерзуо а 1амадо зуда-бераш, ткъа Даса, 1уьйренгахь г1овта а, суьйре чуйерзуо а 1амадо боьрша-бераш.
16. «Г1уо йо1 кхиъанчу Нена, ворх1 во1 велла. Дик йиша кхианчу Вешийн ворх1 Нана кхиъна».
Маь1ан: Зудберо йа ойба, йа дожадо доьзалийн сий.
17. Шиен кертахь лай воцург, нахан йуккъехь Эла хир вац.
Маь1ан: Ков-керта ц1ена а, оьзда а латтуо йеза.
18. «Шие Деха хилларг бен, х1у хир йар цунах» - ала бух битанчу Дайшах лардойла вай.
«Аьхь дара цунна ишта ца хилча» - алийта бух битан Дай а, и санна дерг олийташ болу к1ентий а ма иэша бойла ван».
Маь1ан: Даса а, во1а а лардинчу сийца хуьлу, доьзаллен дуьнент1ахь лелаш болу некъ а, царга болу неха ларам а.
19. Ц1ийна Де а, ц1ийна Нена а йукъ-меттиг галйаьлча, олуш ду: «Алиен гечу даимман цхьан меттахь ца лаьтта».
Маь1ан: Чуьра долу дов, т1аьхьлуо йолуш дац. «Х1усам де а, нена а долу дов, пхьуйренгахь дирзина» - олуш ду Нохчийн кица.
20. «Шиен зудчан коч-йух лийцар дика а ма дац».
Маь1ан: Ков-кертан 1у – Боьрш саг ву.
21. Ц1ийна Дена хьехар дан а г1ерташ, ков-кертан 1унал дан а г1ерташ йолчу зудчах – «Боьрш-Бат1ал» олу, ткъа х1усаммехь шиен доцачу г1улкхие (зударийн белхаш) духие кхиа г1ерташ волчу боьрша сагах (стагах) – «Коьчал» олу.
Маь1ан: Х1усам Даса а, Х1усан –Нанаса а х1усамехь шиен-шиен меттиг йу 1унал дан дезарг.
22. «Вовшиен бакъ йолу ц1ерш йахна болчу х1усам Да-Нана, шайн берий-берашна техка ц1ераш йоцуш бисна».
Маь1ан: Бакъуо йац х1усам де а, х1усам-нена а, вовшиенна шаьш шинне бакъ йолу ц1ераш йаха.
23. «Марзхойн ц1е кхаба малуо йинчу несна, ц1е йоцу нус кхаьчна».
Маь1ан: «Хьо валлар терра ду, хьуна деш долу до1а» - олуш ду вайнеха, аьлча а, ахь хьайн марзхошца леллина г1иллакх, кхана хьайн несо духдерздийра ду хьуна – бохург ду х1окх кицан маь1ан.
24. «Мот 1аьмма йаьлчу неса, къор дайна»
Маь1ан: Дукха ма лие. Цадог1ург ма дийца. Х1усам-Да корзах ма вийг1а. Лерг т1и т1ара туоха кхиерам бу.
25. «Доьзалца шун т1и хийшанчу Дена, хорбазан дог ца кхаьчна»
Маь1ан: Ма нисбе хьайца, хьайн доьзал -боху маьй1ан ду цу кицан.
26. «Хингалшан йисташ ц1ийна Дена схьалха х1иттинчу х1усам-нанна, баъа туьх-берам ца эшша».
Маь1ан: Ахьа хьайн ц1ийна Де бинна ларам хир бу цуьнга а, хьуога а, хьан доьзаллера.
27. «Хорбазан дог доьзаллен шуние духне ца дерздинчу Дена, пастан даакъа цакхаьчна».
Маь1ан: Х1усамехь х1усам-Даса а, х1усам-Нанаса а гайта диеза нохчийн г1иллакх.
28. «Холхазан куйн кеп йоьжна-чохь, маьхьсеш т1и чан йиллин».
Маь1ан: Х1усаман 1у - х1усам Да ву. Х1усам-Де ларам боцчу х1усамехь - иман дайна.
29. «Х1етал-метал лелачу х1усмехь, низам цакардина»
Маь1ан: Доьзаллехь Де а, Нена а, доьзал схьалха моттархаш лела йан мегар дац.
30. «Цхьанна а Нена г1уо йо1 цахуьллу. Амма дика нус а цахуьлу».
Маь1ан: «Хьайн диеззаг, нахана а диези хаъа» -олуш ду Нохчийн кица. Хьайн йо1 шиен мар-ненаца мерза хила 1амайе, ткъа хьай несах хьайн йо1 йие – бохург ду х1окху кицан маь1ан.
31. «Собарде аш, шун Да ц1аваийташ» -олуш, доьзал ца кхиерабинчу Ненан, во1 велла, йо1 йайна».
Маь1ан: «Шиен х1усам Де сий эйбанч х1усам-Нена ирс ца дайна» - олуш ду Нохчийн кица. Х1усам-нанаса латтош бу доьзаллиехь шай Дейга болу ларам.
32. «Сиглахь (стиглахь) мархаш хиларха, ца хьадда дог1а».
Маь1ан: «Моттариехь ма дийца х1ума» – бохург ду.
33. «Диг ира хиларха ца долу, хьан куьг аьрта хилча»
Маь1ан: «Хьайна ца хуарг малеладие» – бохург ду.
34. «1уьйранна беже боьдуш хьистинчу атто, суьйранна шура йеъна»
Маь1ан: «Хьо д1а махиллара хира бу хьоьца нах а» - бохург ду.
35. «Хир долу хьоза, бенахь декка».
Маь1ан: «Жима волчу хена 1амаве хьайн доьзалхо» - бохург ду.
36. «1оьхург вордан ч1ург йац, боьлхуш берг ворданна сем бу»
Маь1ан: « Г1иллакх доццачу доьзалхочо гойту, цу доьзаллехь ц1ийна-Да ца хилар» - олуш кица ду Нохчойн.
Ц1ийна-Да, доьзаллиен 1у хила виеза бохург ду х1окху кицана маь1на.
37. «Ков-керта иэцалие, схьалха лулахой иэца»
Маь1ан: Дикачу лулахошка кхочуш х1ума дац, бохург ду.
38. «Ог1ант1аьхь ца хеза мачан-эйран г1овг1а»
Маь1ан: «Гуота а битина, моьлкъа ловзийна» - олуш ду нохчийн кица.
1алашо йерриг дина чекх вала – бохург ду кху кицан маь1на.
39. «Дуьрстал йоцчу кет1ахь берий ца сецна».
Маь1ан: Ков-керта а, кет1и а оьзда лела йе – бохург ду.
40. «Хьера ваьлла саг (стаг) маь1ш йолуш цахуьлу»
Маь1ан: Т1ихьажжий сеган мах ма хадабие – бохург ду.
41. «Ис т1улгалла т1ехь долуш доцу алие, ц1ена дац».
Маь1ан: Нохчийн къоман 7 (ворх1) а, 9 (исс) терхьаш экамие а, к1оргара чулацам а болуш лоруш ду. Цундела ис т1улгах чекхдаьлла хи ц1ена ду, олуш ду вайнеха.
42. «Сигал (стигал) къекъарх ца йолу, охьадохуш дог1а дацахь».
Маь1ан: «Хабарца ца йутту г1ала», «Куьйгаш моз доийла. Б1аргаш туьха доийла» - олуш ду нохчийн кицанаш.
1ахь куьйгашц диннарг биен карадийра дац хьуна – бохург ду.
43. «Амал йолчу говранна туохо шад цаъэшна».
Маь1ан: Нахана ма гайта хьайн г1иллакхц ледар йолу амал – бохург ду.
44. «Доьхьаго ледар тидам бо шен эсанна»
Маь1ан: Доьххьара доьзал кхоьлланчу кегирхойшна кест-кеста хьиехар деш хила – бохург ду.
45. «Гуота а битина, моьлкъ ловзбинарг»
Маь1ан: 1алашон дерг йуха а теттана, кхиечу белхан т1и ма кхийда – бохург ду.
46. «Цхьа лан-м долуш дара сан, т1и оьшург т1ихилчхьана».
Маь1ан: К1ез-мезг долчунах тоам а бай, са а туьсаш, парг1ат а валий 1ад ма 1ие – бохург ду.
47. «1уьйренца хьостуш беже бежан, суьйренца ц1а дирзина».
Маь1ан: Нахаца къоршамие ма хила – бохург ду.
48. «Хьо валарх терра ду, хьуна деш долу до1а».
Маь1ан: Хьан г1иллакхие хьаьжжана хира неха хьоьца долу г1иллакх – бохург ду.
49. «Хьайн диеззаг, нахана а диези хаъа»
Маь1ан: Нахие хьашт доцург а, цадохург а ма дийца – бохург ду.
50. «Шиен х1усам Де сий эйбанч х1усам-Нена ирс ца дайна»
Маь1ан: Хьайн х1усам-Де ахь лардинча сий санна хир ду, наха хьан сий дара а – бохург ду.
51. «Г1иллакх доццачу доьзалхочо гойту, иза волчу доьзаллехь г1иллакх ца хилара».
Маь1ан: Гуттара а доола дие хьайн доьзална – бохург ду.
52. «Хабарца ца йутту г1ала»
Маь1ан: Хабар а дитий, хьайн г1уллакх дие – бохург ду.
53. «Куьйгаш моз доийла. Б1аргаш туьха доийла»
Маь1ан: Б1аьрсанна ма хетта хала а, дац дан диезаш долу г1уллакхш – бохург ду. Б1аьргаш - кхиера ло, ткъа куьйгаш –до.
54. «Пиенах тоьхан т1улг духние боьрза»
Маь1ан: Нахана ахь дина йа дика а, йа г1уо а дайна дац – бохург ду.
55. «Х1усам де а, нена а долу дов, пхьуйренгахь дирзина».
Маь1ан: Суьйренца доьзал чубирзича, царна магайта шайн галйаьлла йуккъметтаг.
Свидетельство о публикации №226091001126