Нохчи-чоь сан дега йовхо

Нохчи- чоь!
Со лойла хьан къинна
Хьан чоьйне лазам ма къиза хилла
Хьан дега 1овжамма ма къаьхьа хилла
Хьун хазаз харцо а, ма къезаг йиси
1аьржа баал Нохчи-чоь хьун хьайна биси
Мостаг1аш дукха туьх хьан чоьйне тийси.
Нохчи-чоь.
Со велха хьан бален
Хьан лата т1ададеш йижарийн белхаран
Хьан дег1 а мардихкинч нанойша дохьа
До1анашц хьо ларйинч тхай дайша дохьа
Де-нене мохь биттинч берашна доьхьа
Со велха Нохчи-чоь - хьан орца доьхьа
Нохчи-чоь!
 Лойла со хьан доьхьа къора
Ца хаза лазамца хьоьг оьху узам
Хабарш а ца хаза харцонах дуьзан
Бакхиебеш хьоькху мохь - шаьш хиларх буьзан
Ненан мот белхаран ша байлахь бисарн
1адаташ делхаран шаьш риц1къах хийцарн
Нохчи-чоь!
Хьун гинарг ганза хил веларкх со б1аьрзе
Хьан чоьйне къурдашка б1аьре ца хьиежа
Къастинчу доьзалан балех ца леч1къа
Адамийн сурт ца ган, дирзанч сел дера
Нохчи-чоь!
Волийла хьун орцах Дела.

1999 шо. Т1иехьа-Март.


Рецензии