Къуонахчуьна амал

Ма  верза къоршаман  амаллие
Ма кхийда хьарамчу бахамие
Сатийсахь  ирсенна кханаллие
 Хьайн дахар леладе  хьаналла

Ма нисло харцачуьнц-харца
Иза-м  хьан нийсархо вецци
Мискачуьнц хилалахь къаьстан
Ма ваьллахь   цуьнца хьо дастам

Буидал   хьо саан верг  ма ву 
Шиен тоъал цуьнгахьа йаьхь   йу
Ма хьиежа цуьнга хьо т1оьхал
Мацца а доьрзар ду доьхьал

Лекха-чуьнг схьала ма хьиежа
Виелалой цунна ма къиежа
Пен тохий д1а а ма татта
Хиетар ву хьо цунна атта

Жималлехь кхолбелла маза
Цунаха ч1аг1лонца ваза
Доттаг1ан тасъйелла уьйра
Нахиега йийцалахь  туьйранц


Рецензии